Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. «Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогІахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тІаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваІда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. Цо Якъубана иза чІагІдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна. Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина – вайн дега ИбрахІиме йина чІагІо. Дала ИбрахІиме ваІда дина, ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тІаьхье а лур ю».
Выбор основного перевода