Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Іесачарна озабезам а беш? ГІийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха. Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц. Цара Іесаллин кхача а боу, къизаллин чагІар а молу. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Ас гІалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тІеэцалахь!“ Иза иштта леллехь, цуьнан Іаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таІзар Ас дийр дацара. Амма цунна хІетте а дерриг а шен гІуллакхашна тІехь телхина мел дерг дан лаьара.
Выбор основного перевода