Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Коьллашкахь кІело йина Іуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кІело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дІалоцу цо. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хІума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цІе тосу, ткъа халкъ цІеро дІакхоллу. Стаг шен ваша кІелхьарваккха а ца хьожу. Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цІаьлгаш дІахІиттош бу, амма церан цІаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду. «ЛадогІа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цІийнах берш! ДІахаза, паччахьан цІа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хІара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицІпа-гІалахь шух кІело йина дела, Табур-ломахь дІасаяржийна бой санна шу хилла дела.
Выбор основного перевода