Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна. Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела. Ас-айса хьо, тоха а тухуш, лазор ю. Хьан къинош бахьана долуш, Аса хьо яссор ю.
Выбор основного перевода