Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тІе а диллий, тхуна тІаьхьахІотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гІоле дац хьуна?» Соьга схьа а хьовсий, инзардовла, шайн бета тІе куьг а дилла. Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Іесачу нахана таІзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кІорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагІашна леринчу цІеро берриш а дІакхоллийла Іесанаш! ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
Выбор основного перевода