Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Уьш мацалло гІелбийр бу, хІаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дІовш а тухур ду царна. Даг чохь болчу кхерамо гІора дІадаьккхинера церан, цундела, бега а беш, шайн чІагІонашкара арабуьйлура уьш. Яьссачу аренашкара бахархой цунна хьалха охьаоьгур бу, цуьнан мостагІаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Малхбузехь Везачу Элан цІарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догІу хи санна, схьавогІур ву Иза, Везачу Элан хІоно дІаэккхош волу. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.
Выбор основного перевода