Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дІалоцу. qac Зqac*Іенарша боданехь а серло ло догцІена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а. Хьайн мостагІчунна вон тІедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь. Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира! «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу. qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла.
Выбор основного перевода