Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Сешка кІорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цІийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу. Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тІехь Іаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гІожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза. ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву. Везачу Эло ЯхІудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тІера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гІала юха а къастийна хир ю».
Выбор основного перевода