Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
ТаІзар дечу дийнахь, геннара бохам тІебеача, хІун дан дохку шу? Хьаьнга гІо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кІохцалша санна, лазор яц иза. ТІаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“». «Адаман кІант! Хьайн къомах болчаьрга дІаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тІе тІом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гІаролхо харжа мега. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела. Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагІий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хІаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хІаллакбина хир бу.
Выбор основного перевода