Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Пекъар йолу, мохо дІасалестош йолу, шена синтем ца бина йолу гІала! Ас-Айса хьан тІулгаш поппарца дуттур ду, хьан бух саппир-тІулгех буттур бу, «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара. Делан сацам кхочушхилале, Далла тІедерзаран де, мохо кегаш дІахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгІазалла шайна тІеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тІекхачале.
Выбор основного перевода