Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваІда динчу лаьтта тІе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац. Ткъа шун а, кху лаьтта тІехь Іаш болчу нахаца барт а хилла, Іан йиш яц. Аша церан сагІа доккхуш йолу меттигаш хІаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгІира. ХІунда дина аша иза? Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кІелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Іазапера кІелхьара а даьхна“.
Выбор основного перевода