Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Шайна юкъахь дисинчу халкъех дІа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цІарах чІагІонаш а ма е, царна гІуллакх а, Іибадат а ма де. Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю». Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тІедиллинера: «Кхечу деланашна Іибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Іамал а ма е, сагІа а ма даккха. Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Іибадат а де, Цунна Іамал а е, Цунна сагІа а даккха. Везачу Эло шайна дІаяздина парзаш а, тІедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Іамал ян ца еза аша. Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Іамал а ма е.
Выбор основного перевода