Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?» Везачу Эло хаьттира: «И хІун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Іаса ю-кх». «Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Іаса охьакхоьссира – гІожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дІаведира Муса. Везачу Эло элира: «Куьг дІа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цІога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Іаса хилира. «Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло. Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кІайн хьаьттарш тІехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. «ХІинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. ТІаккха ГадІана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш.
Выбор основного перевода