Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маІа лекхира АхІуда. Цу маІан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхІуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тІера охьабиссира. Ткъе итт тІемалочунна тІехь хьаькам волчу Іамсайна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха цо элира: «Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд, хьоьца ду тхо, Юшайн кІант! Боккха машар хуьлда хьуна, машар хуьлда хьан гІоьнчашна а, хІунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву». Дауда уьш, тІе а эцна, эскаран коьрте дІахІиттийра. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“».
Выбор основного перевода