Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цул тІаьхьа Якъуба кхидІа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. Цо, Іамалекхахой а, Іамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гІала кара а ерзош. Маданхой а, Іамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреІалан аренгахь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Маданхой а, Іамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Іаш бара. Уьш, цІоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хІордан йистехь йолу гІум санна, ягарлур йоцуш дукха яра. Зебаххьий, ЦалманаІІий шайн эскарца Кхаркхур-гІалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тІемалойх бухабисинчарах бара. БІе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тІемалой, цу эскарна юкъара хІаллакьхиллера. Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. Цуьнан ворхІ эзар уьстагІ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бІе шуьста а, пхи бІе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.
Выбор основного перевода