Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. ТІаккха Везачу Эло цІе охьахьажийра. Оцу цІеро сагІина еана хІума а, дечиг а, тІулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош. Сулим-паччахь доІа дина ваьлча, стигалара цІе йоьссира, сагІин кхерча тІера дагош долу сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а Дала тІеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира.
Выбор основного перевода