Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу меттигна ИбрахІима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цІе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тІехь Везачу Эло оьшург ло», – олий. Цигахь сагІа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цІе йолу Исраилан Дела аьлла, цІе тиллира цо. Цигахь сагІа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цІе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. Шаьш бинчу кхерчан цІе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хІунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара. Цу деших ГадІана, ийпад а йина, иза шен Іапру цІе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадІанна а, цуьнан дерриг а цІенна а гур хилла дІахІоьттинера. Юашан кІант ГадІан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дІавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Іезархойн Іапру-юьртахь.
Выбор основного перевода