Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цІе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоІ яра. Везачу Эло Мусага элира: «Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа, хІунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаІор олучу меттехь хиллачу гІуллакха тІехь а, маданхойн баьччанан йоІ йолчу Кузабица доьзна долчу гІуллакха тІехь а. ПаІорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Іоьттина, йийнера». Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъана тІера маданхошна бекхам бе, цул тІаьхьа хьо, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву». Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тІаме бахийта уьш. ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чІогІа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чІогІа юхахьадаьлла, шаьш дІахьош болчу харцнекъана тІера дала лууш дацара.
Выбор основного перевода