Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІинца Ас хьо пирІунна тІе вохуьйту. Ваха а гІой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха». Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирІунна тІеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?» Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига. ТІаккха Везачу Эло ГадІаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагІех шу кІелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тІаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира. Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хІордан берда тІера гІум а санна, дукха нах. буьрса цІе а йойуш, ирачу туьрах кІелхьар а довлуш, гІелделча, дегІе ницкъ а богІуш, тІамехь онда а хуьлуш, мостагІийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.
Выбор основного перевода