Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?» Везачу Эло хаьттира: «И хІун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Іаса ю-кх». «Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Іаса охьакхоьссира – гІожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дІаведира Муса. Везачу Эло элира: «Куьг дІа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цІога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Іаса хилира. «Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло. Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кІайн хьаьттарш тІехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. «ХІинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. «Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгІачу билгалонах тешар бу. Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидІа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хІара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар». ГадІана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кІелхьардаккха гІо дийр ду аьллера. Аса хьаьттахь уьстагІийн тІаргІа дІабаржор бу. Нагахь санна цу тІергІана тІехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тІехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кІелхьардер дуйла». Хьузакх-ЯхІус ЕшаІ-ЯхІуга хаьттира: «ХІун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгІачу дийнахь со Везачу Элан цІийне гІур ву аларан?» ЕшаІ-ЯхІус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хІара хир ю: лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?» «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю». Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хІара билгало ю хьуна. „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тІера маьлхан ІиндагІ итт тІегІанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тІегІанна юхабелира малх.
Выбор основного перевода