Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза. Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гІуллакхаш? Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чІагІо йина гІуллакхаш? Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цІа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гІайгІа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу.
Выбор основного перевода