Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гІалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гІуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хІума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, аша и зулам дина волу стаг я зуда гІалин кевнашна арахула тІе а валавай, иза валлалц цунна тІе тІулгаш кхисса. Делкъахан тІееача, Эли-ЯхІу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧІогІа мохь тоха аша, хІунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гІуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогІуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!»
Выбор основного перевода