Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагІ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза. Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Іуьллуш хьан мостагІчун вир хилахь, цигара дІа ма гІо, гІо де цунна, и вир юха когаш тІе хІоттош. Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагІаттабе иза. Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш.
Выбор основного перевода