Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш.
Выбор основного перевода