Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Іесалла ялийтина иза бехке а веш, тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. И гІуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь, тІаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух. Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». ТІаккха цара къайлаха нах кечбира дІахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Іеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла.
Выбор основного перевода