Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тІе далор ду иза. Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а. Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“»
Выбор основного перевода