Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тІекхаччалц, Эпрат-хина тІера Дуьненаюккъерачу хІорда тІе кхаччалц хир ду шун дозанаш. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тІе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Іедашца а дина дацара иза. Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тІехь Іийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дІалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Іамал йийр ю Цунна, хІунда аьлча Иза тхан Дела ву».
Выбор основного перевода