Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кІант а схьало Суна. Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае». Цхьа а къеелла йолу хІума ма яа, муьлхачу шун гІаланашкахь вехаш волчу тІевеанчу стагана дІало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дІадохка и жижиг, хІунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тІера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу метте дІагІо. Ткъа хІинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гІо.
Выбор основного перевода