Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха». Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Ларлолахь, хьо дІавогІуш болчу махкарчу нахаца берта ма гІолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа.
Выбор основного перевода