Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца, дІа а гІой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дІадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гІур ду. ТаІзар даран дийнахь Ас оцу нахана таІзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш». Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне!
Выбор основного перевода