Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. хІунда аьлча кху дийнахь, Авив цІе йолчу баттахь шу арадовлуш ду. Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа айхьа иза паргІат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кІентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгІат а доцуш. Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.
Выбор основного перевода