Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ХІара халкъ мел Іийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Іийр ду иза? Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“». ЮшаІа элира халкъе: «Везачу Элана Іамал ялур яц шуьга, хІунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгІазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан! Амма уьш Дела зуьйш дІабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгІевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.
Выбор основного перевода