Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса лам тІера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхІаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна». АхІарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кІентийн а, йоІарийн а лергех йохку дашо чІагарш, схьа а яхий, со волчу схьая». Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Ас чІагІо йо, сайн къинош сайн четахь дІа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хІунда аьлча адамийн тобанех со дІакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хІусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чІогІа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХІокху Стеган цІий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло». ТІаккха цо Барраб дІахецийтира, ткъа Іийса, шед а еттийтина, церан кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. Амма цара чІогІа маьхьарий хьоькхура, Иза жІарах дІатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира.
Выбор основного перевода