Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаІанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу. «Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Іаш болчу эмархойн лаьтта тІе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дІабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хІаллакбира уьш шуна хьалха. Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаІанхой, хьетахой, гІиргІашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дІабелира уьш.
Выбор основного перевода