Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. ХІунда аьлча цара шун кІентий Сох дІаберзор бу, кхечу деланашна Іамал яйтархьама. ТІаккха Везачу Элан дераллин цІе шуна тІехьодур а ю, Цо шу сихха хІаллакдийр а ду. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тІе далор ду иза. Церан цІушна Іибадат а дора цара, тІаьххьара а царах гур а хилира царна.
Выбор основного перевода