Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хІунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Выбор основного перевода