Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агІор дІа ма дерзалаш. Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама». Айхьа дІа мел кхоьхьуш долчу некъаш тІехь Иза вовза, тІаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду. Я аьтту агІор а, я аьрру агІор а дІа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло. ТІаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугІуш хила Іемар ду». Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. Цхьа а лом хир дац цигахь, дера акхаро а ер яц цу тІе. Уьш цигахь карор яц. Дала, мах а белла, паргІатбаьхнарш гІур бу цу новкъахула.
Выбор основного перевода