Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела. Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна, догуш, кІегий серладуьйлира. Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! Везачу Эло шуна чІогІа наб яийтина. Цо дІакъевлина шун бІаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дІахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу). ТІаккха Веза Эла со вен гІерташ болчу Іанатот-гІаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цІарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». Оццу шарахь, яхІудхойн паччахьо ЦІадукъ-ЯхІус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгІачу шеран, пхоьалгІачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавІонера пайхамар волу Іазуран кІант Хьанан-ЯхІу соьга вистхилира. Везачу Элан цІийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхІус соьга элира: «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ. Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цІа чуьра Бавеле дІаяьхьна йолу ерриге а хІуманаш. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара Бавеле дІабигна болу массо а йийсархой а Аса хІокху метте юхаберзор бу, – боху Везачу Эло. – Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхІудхошна тІедиллина долу дукъ“». ТІаккха Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІуга вистхилира. Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цІийнан хІуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хІокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цІарах аьлла долу дешнаш! Амма ахьа ладогІалахь аса хІинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга. Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тІом а, бохам а, ун а хир ду аьлла. Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тІелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц». ТІаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІус Ярми-ЯхІун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхІус хІара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІу-пайхамар шен новкъа дІавахара. «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш.
Выбор основного перевода