Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“». Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хІинца, хІара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца. Ахьа Хьайн халкъана бІаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бІаьрхиш а малийна Ахьа цунна. Денош тІедогІур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тІехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю.
Выбор основного перевода