Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан оьгІазе аз дІахезча, Цуьнан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча, хІордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира. ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“. Амма дерриге а дІахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дІайоккхур ю Нунав-гІала. Шен мостагІий Цо бодане дІахьулбойтур бу. ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
Выбор основного перевода