Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гІаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дІахьажийча, гІо доккхург тасалур ву, ткъа гІо тІелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хІаллакьхир ву. Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».
Выбор основного перевода