Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду Мисаран къам а, Бавелан къам а. ПІелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна эр ду, уьш Сан гІалахь бина бу аьлла». ХІордан саьрмик РахІаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагІий а дІасабаржийна Ахьа. Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кІелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан. Кагъелла Іаса санна болчу оцу Мисар-махкана тІетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тІе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Іаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирІун. «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.
Выбор основного перевода