Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цІе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. Малхбузехь Везачу Элан цІарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догІу хи санна, схьавогІур ву Иза, Везачу Элан хІоно дІаэккхош волу. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду.
Выбор основного перевода