Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн синан Іаткъам дІа а балхош, хІара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цІа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Иштта хир ду шуна шайн кІелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дІалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тІера маргІалш доьгІна аша.
Выбор основного перевода