Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». Кагъелла Іаса санна болчу оцу Мисар-махкана тІетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тІе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Іаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирІун. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? «Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хІунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тІом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Іаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дІа а волуьйтуш». «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.
Выбор основного перевода