Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле». Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.
Выбор основного перевода