Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хІинца ша чІагІбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода. Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха. «Доккхадеш ма хила, пІелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гІаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дІаьвше кІорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хІоьах кхераме саьрмик хир ма бу. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьІна а хилла. Шайн суьрташ кІелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХІинца уьш шаьш а йийсаре дІабахана бу!
Выбор основного перевода