Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДІакхийса шайгахь болу хийра цІуш, цІан а лой, тІера бедар а хийца. Шайгахь болу хийра цІуш а, лергара чІагарш а Якъубе дІаелира цара. Цо уьш Шехем-гІали уллохь ножан дитта кІел лаьттах дІайоьхкира. Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегІах цІий дІакъаьсташ елахь, ворхІ дийнахь иза цІена хир яц. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду. Цу дийнахь шух хІораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цІуш дІакхуьссур бу. Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тІехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цІу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теІаш, Іибадат до цара. Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю. Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“»
Выбор основного перевода