Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГІайгІанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргІат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду. Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Іазап латтор дІа а даккхахь, пІелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, Хьан малх цкъа а дІабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гІайгІанехь мел болчеран догъэца, Цийонехь гІайгІа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дІагайтархьама, Везачу Эло доьгІна долу. Якъубах Ас тІаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхІудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Іийр бу цигахь. Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хІинцале хезар ду. «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кІанта бепиг дехча, цуьнга тІулг кховдон верг? Я чІара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!
Выбор основного перевода