Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьтта тІехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тІееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш. Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». ГІаргІулин а, чІегІардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бІаьргаш гІийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“ Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега, цаьргахь хьекъал дац. Цундела царна Везачу Элан некъ а, Дала тІедиллинарг а ца девза. Со халкъан баьччанаш болчу гІур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тІедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тІера дІадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зІенаш а хедийна. Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хІунда аьлча стигал цІарула-цІен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех.
Выбор основного перевода